Воккхачу стеган хьехам
Цхьана сарахь царна юккъера схьа а ваьлла, некъа йистехь садаIа охьахиъна цхьа воккха стаг. И шайна гича, совца а севцца, цунна тIебаьхкина важа некъахой. TIaккxa цара цуьнга дехна боху: «Воккха стаг, тхо хIинца кхин а дIадаха дезаш ду, ткъа хьо кхузахь вуьсу, хьуна дуьненчохь дуккха ган а гинера, хаза а хезнера, хьайна дахаро зеделлачух хьехамаш бехьа тхуна».
Воккхачу стага жоп делла боху: «Гинарг гучо бIарздина суна, хезнарг хезачо къардина суна, цхьа ойла ян бен ца кхиъна со xIoкxy дуьненчохь, ма доца дара хьо, дахар, аьлла. Делахь а, аша дехарна, xIapa хьехам бу сан шуна. Аса яьккхинарг дукха хан яцара, аганара лаьтта вуссуш, Iaca караэца бен ца кхиъна шуна со. Сан некъ – Iуьйранна гIаьттинчу малхана дийнахь сарралц тIаьхьа эхар бен бац шуна. ТIаьххьара со кхеттарг, сyo дуьненчуьра эхарта воьду мухIажар вуйла хаар ду шуна. Къонахчалла шеца доцу гIиллакх – гIиллакх ца карий суна, иза – бахьана долуш а, доцуш а – нахана къежар хиллера.
Оьздалла йоцург нийсо а яц шуна, хIунда аьлча, и санна йолу нийсо, шайна карийчхьана, шу IадIийр ду, уллорчунна и цахиларх.
Адамийн догIмашца кхо дийнат ду шуна: цхьа жIаьла а, цхьа бежана а, цхьа вир а.
ЖIаьла – и шун мотт бу шуна, и зIенашца дIадехкалаш; бежана – шун гай ду шуна, и шайн хьаьвди тIехь латтаделаш; вир – и эвхьазалла ю шуна, цуьнан логгехь хулура боьддучу aгIop муш тасалаш.
Синошна элий хилалаш, шайн догIмаш цу синойн леш а делаш. Шаьш лелочунна наха кхиэл яле, и кхиэл шаьш елаш, хIунда аьлча, наха йина кхиэл цкъа а тIepa ер яц шуна, ткъа шаьш дечун хьалххе аш ойла яхь, цу нехан кхиэлах девр ду шу.
Эладитанах кхера а лой, шайн ирсах ма къасталаш, и эладитанаш дIакхаьч-кхаьчначохь бухахь карор ду шуна, цкъа а тIаьхьара а ца довлу уьш.
Цкъа хьалха шаьш кхоьллинчу Делах эхь хеталaш, тIaккxa цунах кхералаш, хIунда аьлча, эхь хетар и Дела везар а, ларар а ду, ткъа кхерар – и шуна шайн догIмех къахетар ду, шаьш хьерчийначу къиношна Дала шайна Iазап дийр дуйла а хууш.
Тезета дуьзна ма гIолаш, вуьзначу стеган юьхь тIехь велар хуьлу шуна.
Ловзарга меца ма гIолаш, меца стаг гIийла хетало шуна.
Шаьш бехке долу дов, и гена далале, шайн эшамца дерзаделаш, и эшам эхь дац шуна.
Шаьш бехке доцу дов, шайн мocтaгIa къера хиллалц, дижа ма диталаш, и эхь а, эшам а бу шуна. Къонахалла массо xIуманo ловш ю шуна, къаналла цхьана Iacaнo бен ловш яц шуна.
KIaнтанa тухуш а, дов деш а, цуьнан амал ма кагъелаш, иштта кхиъначу цунах вон тIемало хир ву шуна.
3удабер цхьана а буса шийла а, меца а ма диталаш, иштта кхиъначу цунах вон зуда а, вон нана а хир ю шуна.
ЙоьIан лелар ма хестаделаш, хIунда аьлча, хуьлучунна даима ша нийса ю моьттуш, и галъер ю шуна.
Доьзалехь къовсам белахь, берашна тIe ца xIуттуш, зудий, майрий вовшашна тIехIотталаш, хIунда аьлча, шуьшиъ, цхьацца а доккхуш, эшо гIepтa шуна шун доьзал.
Цхьана xIуманнa эхь хеташ, боцу бехк шайна тIехь кхуллучу дашна дуьхьал дош ца олуш ма Iелаш, цунах дагахьбалам а, нехан кхардам а хир бу шуна.
Улло xIoттa накъост вац алий, шаьш цхьалха ма хеталаш, шайн Iуналла деш Дела вуйла хаалаш.
ДегIера ницкъ дIабаларх, шаьш гIийла ма хеталаш, тур-тапчано шу кхечаьрца нисдийр ду шуна.
Кху дуьненчохь нийсо карор яц шуна, наха къуьйсуш ерг шайн-шайн бакъонаш юйла хаалаш, ткъа и бакъонаш ницкъ тоьллачаьргахь ю шуна.
Шен маршо ца оьшучу халкъан Къонахий даима а декъаза хир бу шуна...»
instagram.com/nokhchiyn_dakhar